Даржхошлахь хийцамаш бина Кадыровс

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хийцамаш бина администрацин даржхошлахь. ХIинццалц администрацин куьйгаллехь лаьттина Тагаев Султан финанисийн министр хIоттийна, вице-премьеран декхарш а кхочушдеш.

Кадыровс бахарехь, финансийн блокан болх чIагIбархьама хьашт хилла и хийцамаш.

Иштта меттигаш хийцина Кадыровс министрийн кабинетехь а.

Ницкъаллин структурашца зIенаш латторехь вице-премьер хилла Кадыров Ислам полисхойн декъе дехьаваьккхина. Финансийн министран декхарш кхочушдеш хилла Рассуханов Iусман Федералан казначействон урхалле хIоттийна.