"KIордийна" акцин 200 декъашхо лаьцнера Оьрсийчохь

Шоьтадийнахь Оьрсийчоьнан гIаланашкахь дIаяьхьначу «КIордийна» акцин 200 гергга декъашхо лаьцна хилла, тIаьххьарчу хаамашца.

103 стаг лаьцна хилла Петарбухахь. Дуккхаъ а жигархой дIахецна, бехктакхаме гIуллакхаш дуьхьал а ца дохуш. Цхьаболчарна гIуданаш диттина. Москох цхьа а сацийна вац полицино.

ТIедогIучу шарахь Путина Владимире харжамашкахь дакъалацийта резавоцу эзар гергга стаг веара президентан администраци дехаран кехаташ дохьуш.

Акцин инициаторо Ходорковский Михаила бахарехь, кхиамашца йирзина дуьхьалонан акци. Цо юха а билгалдаьккхира, протестан коьрта Iалашо – низамашца а догIуш, тIедогIучу шарахь харжамашкахь Путина дакъалацарна дуьхьалояр дара, аьлла.