Кадыров: "Сурков диети тIехь ву"

Сурков Владиславна хIун хилла, иза ма вочуваьлла аьлла, социалан машанахь хIоьттинчу хаттарна жоп луш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана яздина "Диети тIехь ву иза" аьлла, 4 смайлик а тухуш.

Меркелан Путинца хиллачу цхьанакхетарехь даьккхинчу Сурковн суьрте хьаьжча, Интернетах пайдаоьцучара тидам бина, тIаьххьарчу хенахь Сурков азвелла, хийцавелла хиларх.

Хьалхо гергарло дара шина политикна юккъехь.