Страсбургерчу кхелан сацаме ладоьгIу Муртазалиева Зараа

Европан адаман бакъонашкахула йолчу кхело тахана кхайкхор бу нохчочо Муртазалиева Зараа чуделлачу арзах сацам.

Институтан дешархо Муртазалиева лецира Москох 2004-чу шарахь. ЦIийнах хьовсуш, низамхошна тIоьрмиг карийна чохь оьккху коьчал а йолуш, аьлла бара Оьрсийчоьнан кхело иза набахте хьажош бина сацам. Оцу сацамо бохура йоI «Охотный ряд» базар эккхийта кечлуш хилла. 8, 5 шо хан текхира Муртазалиевас набахтехь.