Золотов кхеле кхайкха дуьхьал бу суьдхой

Кхело бух боцуш лерина оппозиционер Немцов Борис верна бехкебечийн адвокаташа Къоман гвардин хьалханче Золотов Викторе барт-хаттам бар дехар.

Иштта дуьхьало йина кхело, Немцов вуьйчу заманчохь цуьнца цхьаьна хилла Дурицкая Анна а, ГеремеевгIеран вежарий а кхеле хIитто.

Болчу хаамашца, Золотов литтарна дуьхьал хилла прокурор Семененко Мария а, адвокат Бюрчиева Анна а. Бисинарш догреза хилла.

ХIетте а, кхело тIе ца дитина "бух боцуш" долу адвокатийн дIахьедар.