Динна дуьхьал Советан Iедало дIахьош хилла пропаганда террор яра боху Кадыровс

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дина динна дуьхьал Совентан заманахь Iедалш дIахьош хилла пропаганда террор яра аьлла.

Шен Telegram-рчу каналехь цо яздина «КъурIан а, Элчанан Сунна а харцхьа доккхучара» лелориг санна хIума дара динна дуьхьал пропаганда яр аьлла.

Кадыровс дийцарехь, цунна реза воцучу цо пионерийн галстукаш этIош хилла ша жима волуш.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо чIагIдарехь, баккъалла а бусалба волчу стеган дахарехь коьрта меттиг дIалоцуш ду дин, ткъа цо лардон шен дин жима волуш дуьйна.