Ницкъала къора тоьхна ГIалгIайчохь

ГIалгIайчохь къора тоьхна тахана. Кхерам лаьтта ницкъала мох баларна, хаамбо мехкан орцан урхалло.

Массех де хьалха а хилла Iаламан бохамаш Несаран, МаьлгIабекан, Соьлжан кIошташкахь – 7 эзар гектар кхачанаш дохийна тоьхначу кIорано, яккхийчу йочанаша, яздира шен инстаграмехь ГIалгIайчоьнан премьер-министро Гагиев Руслана.