Нохчийчохь тIом бина ву Подмосковьехь нах байинарг

Подмосковьерчу Кратовехь герз диттинарг Нохчийчуьрчу тIемашкахь дакъалаьцна хилар гучудаьлла. Хаамбо ТАСС агенталло.

Цуьнан лулахоша дийцарехь, шен ненаца вехаш волу и стаг психика галъяьлла ву. Цкъачунна караваза ву зуламхо. Росгварди и чохь волчу цIенна тIелатар дан кечлуш ю, герзаш деттар лах ца делла.

Нах бехачу цIийнан корехула герз детта волавеллачу оцу стага вийна 4 оцу кIоштара вахархо.