Муцураевн эшарш бахьана долуш жоьпе озийна Нохчийчура вахархо

Талламхоша дийцарехь, Нохчийчоьнан вахархочо Сулейманов Ильяса «Вконтакте» социалан машанехь дIахIоттийна Муцураев Тимуран Оьрсийчохь экстремистийн материалашна юкъатоьхна масийтта эшар.

И бахьана долуш, бехктакхаман гIуллакх долийна цунна дуьхьал, хаам бо «Кавказский узело».

Хьастано бахарехь, шинна тIера пхеа шаре кхаччалц набахтехь такха хан я ах миллион сом гIуда тоха тарло оцу вахархочун, нагахь иза бехке ларахь.