Iедале мигранташ тIеэцар доьху Испанин бахархоша

Мигранташ тIеэца бохуш Iедалшка кхайкхамаш беш марш дIаяьхьна Испанин коьртачу гIалахь Мадридехь масийтта эзар стага. Цу наха доьхург ду Евробарто бина сацам кхочуш бар.

Цу сацамца а догIуш, 17 эзар мухIажир тIеэца дезаш ю Испани.

Бакъонашларъярхоша далочу терахьашца, карарчу хенахь Испанин Iедалша дIатарвина шайн махкахь 1 300 мигрант.