11 кийла деши а доккхуш, хан тоьхна гIалгIачунна

Якутерчу Томпонски кIоштарчу кхело «деза металлаш низам а дохош лелорна» арахь такха 2 шо хан а, 300 эзар сом гIуда а кхайкхийна Кесиев Тамерланна.

Цуьнан Toyota Allion толлуш, цIенкъах лачкъийначуьра даьккхина 11 кийла деши (27 млн. соьманна), хаамбина Якутерчу ФСБ-н урхалло.