ГIирмахойн лидер Чийгозу Ахьмад анексина дуьхьаллаттарна бехкево

Аннекси йинчу ГIирмин Лакхарчу кхело кхаа баттана дIаяхйина кхеле озийна гIармахойн Мажлисан лидер Чийгозу Ахьмад лаьцна кхаба елла бакъо. И хаам баржийна цуьнан адвокато Полозов Николайс.

Оьрсийчоьнан Iедало Чийгозу бехкево 2014-чу шарахь Симферополехь аннексина дуьхьал гуламаш латторна. Мажлисан лидеро ша бехке ца лору. Бакъоларъяран "Мемориал"центро политикан тутмакх лору иза.