140 стаг ваьгна Пакистанехь цIеяьллачохь

140 сов стаг велла Пакистанан малхбалехь ягориг лелочу машенах цIеялар бахьана долуш, хаамбина Geo TV телеканало меттигерчу орцан декъан белхахошна тIе а тевжаш.

Пенджаб провинцехь тIекIалъяллачу ягориг дIасакхоьхьучу машенна гонах гулбеллачу нахах яьлла цIе, иттаннаш машенашˆ мотоциклаш лаьцна хилла цIаро.