ДаIишхойн набахтина авиатохарш дина

Шеман Малхбалерчу "Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанхойн набахтина тIе кеманца тохарш дар бахьанашца 42 стаг вийна. Адамийн бакъонаш ларъечу шемахойн центро бо и хаам. Цара далочу терахьашца, беллачех 15 радикалхойн тIемало ву. Меттигерчу жигархоша даредарехь, жихIадхойн йийсархой бу берриш а байинарш.

Бакъонашларъярхоша дийцарехь, оршотан Iуьйранна Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ коьртехь лаьттачу дуьненаюкъарчу коалицин ницкъаша дина набахтина авиатохарш.