Нохчий а, Iаьрбий а вовшахлетта Страсбургехь

Кхаарийн суьйранна Францин Страсбург гIалахь вовшахлетта нохчий а, Къилба Африкера схьабевлла бахархой а. Францин регионан «DNA» газетано бо и хаам.

Иттанашкахь хиллачу вовшахтасадаларшкахь герз а хилла лелош, амма тIаьхьо полицина кара ца деана. Вийна, лазийна стаг вац.

Полицина хетарехь, шина юкъараллан хьалхо хиллачу конфликтан тIаьхье хилла и вовшах цакхетарца иккхина.