Оьрсийчоьно Малхбузена дуьхьал санкцеш кхайкхийна

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира омрана куьйгяздина контрсанкцеш дIаяхъеш 2018-гIа шо чекхдаллалц. Бакъонан информацин портала тIехь зорбане диллина и документ.

Малхбузен пачхьалкхаша 2014-чу шарахь туьйхира Оьрсийчоьнна санкцеш цо ГIирмина аннекси а йина, Украинан Малхбалерчу сепарастийн агIо лаьцначул тIаьхьа. Царна жоп луш, Кремло дихкира оцу мехкашкара кхачан сурсаташ Оьрсийчу яр.

"Контрсанкцеш" кхайкхичхьана Путинан указца иттанашкахь эзарнаш кхачанан сурсаташ хIаллакдина Оьрсийчохь. "Россельхознадзоро" бинчу хаамца, дукхах долу хIаллакдина сурсаташ ду стоьмех а, хасстоьмех а дина.

Оцу юкъанна, официалан хаамашца, 22 миллион гергга стаг ву Оьрсийчохь къелла хьоьгуш. Кхин а 5 миллин вахархо ву цу пачхьалкхехь 7500 соьмал лахара алапа оьцуш.