Немцойн канцлеран къамел хилла Кремлца

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира телефонехула къамел дина Германин канцлерца Меркел Ангелаца. Кремлан хаамашца, зIетасаялар немцойн лаам хиларца дара. КарабогIучу беттан 7-8-чу деношкахь Гамбургехь дIахьондолчу цхьанакхетарх дийцира цушиммо. Иштта дийцаредира Парижехь климатехь хийцамаш барх бинчу бертах а.

Гамбургехь лерина саммит гергакхочуш Евробертан пачхьалкхийн лидерша бартбина дуьненчохь глобалан хIоьттинчу йовхонца къийсам латторехь массара а цхьабоса ницкъаш тIебохуьйтур хиларх.

Иштта Меркела дIахьедина, Евросоюзан пачхьалкхаш Гамбургехь хинйолчу саммитан декъашхошна хаийта гIерта, хIоттийна Iалашонаш чекхъяха шайн массеран а лаам хилар а, Iамеркан президентца Трамп Доналдца компромиссе даха а шаьша кийча хилар а.

Байначу беттан хьалхарчу дийнахь Трампа дIакхайкхийна, Парижан 2015-чу шеран климатах бинчу берта юкъара йовлуш хилар Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ.