Демаьшкахь Iожалхоша лелхийтарш дина

Шемин Малхбалерчу Демаьшкахь Iожалхочо динчу терактехь масех стаг вийна, бу иштта лазийнарш а. Шемин телевизионо бина и хаам.

КIирандийнахь кхерамзалла латточу декъан полисхоша 3 террорхо лаьцнера, царех шимма ша шена эккхийтар дина гIали чу буьлучу хенахь.

КхолгIачу зуламхочун каяьлла Демаьшка а кхаьчна, эккха. Гонаха лаьтта масех стаг вийна, цхьаберш лазийна бисина оцу бохамехь.

Президентан Асад Башаран резиденци йолчу оцу гIаличохь цу кепара Iожалхойн тIелатар хIинццал наггахь бен хуьлуш дацара.