Сом а, мехкадаьтта а дайлуш ду

Москох биржехь хиллачу валюта дохкарехь еврон курс хьалаяьлла 69 соьмал. Биржа схьайиллина хьалхарчу миноташкахь еврох лора 69 сом 4 кепек.

Iамеркан доллар дохкара 60,48 соьмах.

Евроца а, долларца а дуьстича сом дайлуш ду, Лондонерчу биржехь Brent олу мехкадаьтта дайлуш а долуш. Карарчу хенахь цуьнан мах бу $47,6 цхьана черманах. WTI олучу мехкадаьттан мах бу $44,92 цхьана черманах.