Мукъаденошкахь къаьркъа дохкар сацош ду Оьрсийчохь

ТАСС агенталло "Известия" газетанна тIе а тевжаш бечу хаамашца, Оьрсийчоьнан могушаллин министраллехь дийцаредеш ду, мукъаденошкахь алкоголан маларш дохкар сацош тIеэца леринчу проектах. Пачхьалкхан Iилман-талламан центро кховдийна стратегин проект министралле..

"Мукъаденошкахь къаьркъа дохкар сацадар Iаламат пайде хир дара аьлла хета тхуна. Муха кхочушйийр ю и проект зуьйш ю могушаллан министралла кхечу хьукматашца цхьаьна», - аьлла центран пресс-гIоьнчалло журналисташка.