Нохчийчохь 42 градусе кхаччалц йовхо латта кхерам бу

Карарчу беттан 17, 18,19 деношкахь Нохчийчохь 40-42 градус йовхо хIуттур ю делкъал тIаьхьа сарралц. Махкарчу орцан министралло бина и хаам.

Оцу хьокъехь орцанхоша кхойкху бахархошка Iаламе ца гIертар а, хьаннашкахь цIераш цаягор а.