Абдурахманов Тумсо хьенан карахь ву къастанза ду

Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бакъ ца дина нохчийн блогер Абдурахманов Тумсо шаьш лаьцна хилар. "Хаамаш-Гуьржийчоь" агенталле бина и хаам министраллан пресс-гIоьнчалло.

Тумсос кIирандийнахь "Кавказ.Реалии" портале аудиофайл кхачийнера, ша дIалаьцна аьлла. ТIаьххьарчу хенахь блогерца зIенехь хиллачу нохчийн гIоьналлина ВАЙФОНД-ан Ассоциацино а бакъйира и информаци.

Шен ма хуьллу Абдурахманов Тумсо лацаран бахьанаш а, иза хьенан карахь ву а толлуш бу "Кавказ. Реалии" порталан корреспонденташ.