Избербашехь хIорда чуяхна йоI карийна

Дагестанерчу орцанхойн тобанна карийна оршотдийнахь Избербашехь Таркхойн хIорда чуяхначу Нохчийчуьрчу йоьIан дакъа. Регионан орцан министраллан векало "Кавказ.Реалии" портале бинчу хаамашца, еарийн Iуьйранна карийна 3 дийнахь лехна йоI.

Цуьнца цхьана хино такхийна шолгIа йоI хIинца а лоьхуш ю.