ДоттагIаллийн уьйраш карлайоху Кавказан къаьмнаша Дагестанехь

Дагестанерчу Новолакскан кIоштахь дIаяьхьна кIирандийнахь къаьмнийн фестивал. Гумбетан кIоштан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Магомедов Хьаьжамурда бахарехь, и барам вовшахтохаран коьрта Iалашо яра Кавказан къаьмнинй барт чIагIбар, юкъаметтигаш карлаяхар.

Фестивалехь цхьанакхеттера Дагестанан а, ГIалгIайчоьнан, Нохчийчоьнан а векалш.