ТIемалочун гIо дина стаг чувоьллина Нохчийчохь

Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан суьдо ши шо ах шо хан тоьхна чувоьллина Арснукаев Руслан, Нохчийчоь йозуш йоцуш хилийтарехьа къийсам дIахьочу нохчийн тIемалочун гIо дарна иза бехке а вина.

Нохчийчуьрчу прокуратуро бинчу хаамца, Арснукаевс ши шо ах шо доккхур ду колонехь юккъерчу барамехь чIагIалла йолчу хьелашкахь.

Хууш дац Арснукаевс ша бехке хилар даре дина я ца дина.