Мигранташна дуьхьал акци дIасалаьллина Несарахь

ГIалгIайчоь -- Несара, 26Товб2017.

Несарахь кхаариндийнахь полицино дIасалаьллина Iедалша бакъо елла йоцу акци. Иза дуьхьал хьажийна хилла мигранташна.

Митингехь цхьаьнакхета гуллуш болу нах дIасалаьхкина полицино, иза лортIехь йола а ялале. ОМОН белхахоша дIалецна цIаберш.

Митинг вовшахтоха гIоьртинчу наха латкъамаш бо тIебаьхкинчара меттигерчу бахархойшкара белхан меттигаш дIайоху, меттигера мехкарий маре буьгу, наркотикаш лелайо бохуш.