Ал-Акса Урданан Iедалан Iуналле дала деза боху Кадыровс

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дина, Израилан юрисдикцехь долу Ал-Акса маьжиг Iуналла дан Урданан Iедале дIадала деза аьлла. Цунах лаьцна цо яздина шен инстаграмехь.

Дуьненаюкъаралло терго а еш, сацам тIеэца беза, Израилан Iедалан бусулба маьждигана тIехь Iуналла дар цахилийтар Iалашонца. Цунна Iунал дар дIадала деза Урдан пачхьалкхана, аьлла хета Кадыровна.