Иракъера бераш цIадерзо некъаш лоьху Нохчийчоьнан муфтийс

Белхан хьокъехь Иракъе кхаьчначу Нохчийчоьнан муфтийн Межиев Салахьан цхьанакхетар хилла оцу пачхьалкхан Оьрсийчохь волчу векалца Мансур Хьади Хьайдарца, хоуьйту Динан урхалло. Дех-ненах хаьдда дисина буобераш даймахка дIадигарх дийцарш хилла цу шинна юкъахь.

Иракъан посола ша гIо лоцур ду аьлла оцу гIуллакхна тIехь.