Экстремизме материалаш лоьху Iедало туьканашкахь

Нохчийчуьрчу Динан урхаллан векало хаамабарехь, Ноьвр-кIоштарчу исламан туьканашкахь талламаш дIабаьхьна экстремизме материалаш лоьхуш. Хиллачу рейдашкахь йохкархоша низамаш талхийна меттигаш ца хааелла.

Талламхойн тобанехь бара Iеламнах а, прокуратуран а, мэрин а белхахой а.