Интернетехь мониторинг йолийна Нохчийчоьнан Iедало

Хьалха-Мартанахь прокуроран декхарш кхочушдечу Керимов Зеламхас кхеле иск яхьийтина интернет-провайдерш декхаре беш кегийрхойн синкхетамна зен дечу материалашна блок хIотто. Социалан машанашкахь мониторинг ечу хенахь билгалдаьлла, динан векалийн дог-ойла сийсазъеш, къаьмнашна юкъа цим тосуш, цабезам гIаттош йозанаш даржош хилар.

Оьрсийчоьнан Конституцино а, федералан низамаша а ца магадо пропаганда яр цу кепарчу материалийн.