Путин Абхазе варна дуьхьал ю Гуьржийчоь

Оьрсийчоь - Путин Владимир цхьаьнакхетта Абхазерчу сепаратистийн хьалханча волчу Хаджимба Раулца, 2016

Москох туптоьхначу РБК агенталло бинчу хаамца, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Абхазе ваха дагахь ву, Оьрсийчоьно Гуьржийчоьнца 9 шо хьалха тIом болийначу Марсхьокху-беттан 8-чу дийнахь.

Оьрсийчоьнан Iедалан векалша цкъачунна тIечIагIбина бац и хаам. РБК-но билгалдаккхарехь, Кремлан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс жоп ца делла цу хьокъехь агенталло шега динчу хаттарна.

Путин Абхазе воьдуш ву бохучун вуно онда критика йина Гуьржийчохь. Гуьржийчоьнан территорина йина оккупаци низамца тIечIагIаъян гIерташ ву Путин аьлла, дIахьедар дина цу мехкан премьер-министро Квирикашвили Георгийс, Оьрсийчоьнан президент Сухуми ваха дагахь хиларх лаьцна гучубаьллачу хаамна комментари еш.