Воробъянинов Кисин скулптуран шляпа яьхьна вандалаша Пятигорскехь

Sculpture of Kisa Vorobyaninov in Pyatigorsk

Пятигорскан полици вандалаш лоьхуш ю Воробъянинов Кисин скулптуран шляпа яьхьна болу, хаам бо newstracker.ru сайто.

Скулптуран композици лаьтташ ю «Цветник» паркан кевнехь. КIирансарахь скулптуран дакъа долу шляпа лачкъийна. И бахьана долуш МВД-н меттигерчу урхаллехь схьадиллина бехктакхаман гIуллакх

Пятигорскан коьртачу архитекторо дийцарехь, Воробъяниновн шляпан йозалла ю 50 кила. Онда болташца иза телатийна яра скулптуран когашкахь лаьттачу чамдина.