БIачи-Юртан администрацин куьйгалхочун когаметтан дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна Нохчийчоьнан прокуратуро, хаам бо censury.net сайто. Цуьнан цIе йоккхуш яц прокуратуро.
Iедалхочун бехке дуьллуш ду шен гIуллакх лелочу совдегарна тIеIаткъам бар.
Мангал-бутт болалуш цу стага, ша хьаьким хиларх пайда а эцна, дIачIаьгIна хилла нехан долахь йолу эвлара мехкадаьтта а, бензин а духку станци а, техстанци а, машенаш юьлу меттиг а.
Иза цо дина, цхьа а бахьана а доцуш. Бизнесхочо шена дина зе лерина 200 эзар сом барамехь.