«Открытая Россия» фондо ахчанца гIо дина Кутаевн доьзална

Нохчийчоь -- Чернокозоворчу колонехь шена тоьхна хан токхуш ву тутмакх Кутаев Руслан.

Политикан тутмакхашна накъосталла дан кхоьллинчу «Открытая Россия» фондо ахчанца гIо дина "Кавказерчу Къаьмнийн Ассамблеян" куьйгалхочун Кутаев Русланан доьзална.

4 шо хан а тоьхна, чувоьллина ву иза Нохчийчоьнан Iедалша, кисанахь наркотик карийна аьлла бахьана а хIоттийна. Оьрсийчуьрчу «Мемориал» центро а, цхьамогIа дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашкахула йолчу вовшахтохараллаша а Кутаев лоруш ву политикан тутмакх.

"Кавказерчу къаьмнийн ассоциацин" куьйгалхочун когаметто Хизриев Iабдуллас бинчу хаамца, «Открытая Россия» фондо гIо дар бахьана долуш Кутаевн доьзалан садаIа аьтто баьлла Таркхойн хIордан йистехь.