Нохчийчохь филиал йолу банк дIакъевлина Оьрсийчохь

"Анелик РУ" цIе йолчу Москох банкера дIаяьккхина лицензи, хаам бо "Кавказский узело". Цу банкан цхьа филиал а бен яц, ткъа иза ю Нохчийчохь.

Цу тайпа сацам бинарг ю Оьрсийчоьнан Банк. Цу банко дийцарехь, "Анелик РУ" банко дохийна финансийн институташ болх бар хьокъехь долу федералан низам.