Эххар а карий хиэ ваьхьначун чалх

Chechnya. The Terek River. The search for the drowned

Хиэ вехьна шолгIа кIира долаладелча, 8 дийнахь бусий лехначул тIаьхьа схьакарийна Теркйист кIоштан Лакха-Неврерчу Исаев Ахьмадан дакъа. Маршо Радион оцу эвларчу хьосташа бина и хаам. Чуваханчу меттигна 7-8 чакхарма лахахь, луларчу эвлана Лаха-Неврена юххехь, цхьана гIайрех тоьхна карийна кIентан чарх. Шинарийдийнахь дIаверзийна велларг.

Теркаца йолчу ярташкахь буьззина боцчу цхьана баттахь кхузза нисделла стаг хиэ вахьар. Кху бетта 6-чу дийнахь ЧIанта юьртара а вехьнера хино стаг. И бохам нисбала ши кIира хьалха Теркйист кIоштан Iелин юьртарчу стеган дахар а дирзинера хи чохь. Хиэ бехьнарш берриш а кегийрхой бу 22-30 бен шераш доцуш.