Турбинерчу нахана еттар толлуш ду бакъонашларъярхоша

Адамийн бакъонаш ларъян векал йинчу Кхеташонан куьйгалхочуьнга Федотов Михаиле дIахаийтина Старопромыслан кIоштарчу полисхойн декъехь Тарамов Мохьмадна а, Тарамов Жамаланйа а еттарх. Федотовс бахарехь, информаци толлуш ву иза Нохчийчуьрчу куьйгалхочун цIарах адамийн бакъонийн тергоечу Кхеташонехула.

Маршо Радионо ма дийццара, еаридийнахь суьйранна полисхоша дIавигинчу Тарамовна а, Тазбиевна а тIехь ницкъбина. Церан гергара ши кIант Тазбиев Мохьмад а, Тарамов Жамалай а Дечкен-баттахь дуьйна чохь латтош ву, ГIуран-баттахь ницкъаллийн структурийн белхахошна тIелатар дина аьлла, бехкевеш.

Лаьцначу шина кIентан адвокат Рутковский Владимир а сацийнера Iедало еарийн суьйранна.