Иттаннаш цIенош ду догуш Ростох

Лаххара а 3 стаг вагийна Ростох, долахь цIенош долчу секторехь цIе ялар бахьана долуш. РИА-Новости" агенталло дийцарехь, карарчу хенахь догуш ду лаххара 25 цIа. Бохам хиллачу меттигера кIелхьарваьккхина 600 гергга стаг.

Болчу хаамца, цIе яьллачу меттехь газ иккхина. Ростох кхайкхийна чолхечу хьолан раж.