ХьаьжцIахь вайна дагестанхо карийна полицина

СаIуда Iаьрбичуьрчу Меккана гергарчу Iарафат лома бовлучу хенахь вайна аьлла, кхайкхийна Дагестанера 63 шо долу вахархо карийна СаIуда Iаьрбийчоьнан полицина, хаамбо Керланаш агенталло.

"Иза кара а вина, могуш-маьрша а ву", - аьлла агенталле дIа а хоуьйтуш, цуьнна Оьрсийчуьрчу тобанхошца даьккхина сурт гайтина ХьаьжцIа яхначу церан тгруппан координаторо.

Дагатосу, Iараафат лома тIе валархьама еарин Iуьйранна хьалххе дIавахана хилла иза вайна, кхи цуьнца зIе тасалуш яцара.