Ломаз-Юьртахь газ иккхина лазийначех кхозлагIаниг дIакхелхина

Кху беттан 18-чу дийнахь Теркйист кIоштан Ломаз - юьртахь газ иккхина багийначу кегийчу нахах кхозлагIниг а дIакхелхина Лахарчу Новгород гIалин дарбанан цIийнехь. ДIаваьлларг ву Теркйистерчу Бена - юьртарчу Висарханов Мовсаран кIант. Шоьтан сарахь дIаверзош ву цигахь велла цIа валийна ШаиповгIеран воI а.

Чуьра гергарчара дийцарехь, цуьнан дакъа дохьуш новкъабевллачул тIаьхьа дIаваьлла Висарханов а.