Саакашвили юха а дIавехна Гуьржийчоьнан прокуратуро Украинин Iедалшка

Саакашвили Михаил.

Украинин Iедалшка дехар кхаьчна Гуьржийчоьнан прокуратурера, Саакашвилина, схьала а лаций, шайн махка экстрадици яхьара аьлла. Цунах лаьцна хаам бина Украинин юстицин министралло.

Товбеца-баттахь Саакашвилегара дIадаьккхина Украинин махкалла. Карарчу хенахь иза ву махкал арахьа. Украине юхаверза дагахь ву политик кху беттан 10-чу дийнахь. Киев хьалха реза ца хилира Саакашвили Гуьржийчоьнан Iедалшка дIавала.