ФСБ-н белхахочун кехат лелорна чуьвоьллина Нохчийчуьра вахархо

Устрада-гIалара вахархо Гаибов Джабраил бехке вина суьдо Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллан сервисан белхахочун харц кехат лелорна. Стигалкъекъа-баттахь иза дIагайтина хилла цо Гуьмсехь полицин белхахошна.

Полисхоша Гаибов ФСБ-н белхахо хиларан тоьшалла цуьнгара дIадаьккхина, хаам бо Нохчийчоьнан прокуратуро, яздо «Кавказский узело».

Низам дохорна Гаибов чувоьллина кхело, 1 шо хан а тоьхна.