Венехь велла карийна масех де хьалха вайна 42 шо долу нохчи

Масех де а дара Австрехь 42 шо долу нохчи ца карош волу. Валид цIе йолу стаг шен петарара араваьллера Гезгамашиншбеттан 5-чохь, даима а ша сарахь воьдуш ма-хиллара, велосипедаца хахкавала ваха.

Шеца я документаш, я мобилан телефон а ца хьош араваьлла волу кхаа беран да цу сарахь дуьйна кхин цIа ца варна Iедалехула а, Венехь бехачу нохчийн гIоьнца а лийхира гергарчара.

Цхьаалла езаш а, мелла а синцамгар токхуш а волу и стаг кест-кеста хьуьнах воьдуш хиларна цигах а лийхира иза. Еаридийнахь кхелхина карийна Валид меттигерчу моргехь. Хетарехь, дагна во а хилла, велосипед тIера чукхетта велла иза.

Венерчу полицино Валид кхалхаран хьелаш толлуш ду. Маршо Радионе полицин векало дийцарехь, цкьачунна болчу хаамца, хийрачеран бехк боцуш ду Валидан кхалхар.