ХIакеро Селезневс даре дина ша 2 миллион доллар лачкъийна хилар

Оьрсийчоь -- Селезнев Роман шен доьзалца, Сочи.

Iамеркехь чувоьллина волу Оьрсийчуьра хIакер Селезнев Роман къера хилла, кредитан картанийн паролаш а лечкъош, ша нехан 2 миллион доллар лачкъийна хиларна. Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутатан Селезнев Валерийн (ЛДПР) кIант хIинцале а 27 шо хан тоьхна чувоьллина ву кибербозбунчалла лелорна Iамеркехь.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн юстицин министралло дIахьедар дина, Селезневс даре дина ша цу тайпа кхин а ши зулам дина халар.

Селезнев лецира Iамеркан лерринчу сервисийн агенташа 2014-чу шарахь Малдивашкахь. 207-чу шарахь бехккъасторхоша хан кхайкхийра цунна 27 шо набахтехь даккха.

Селезневс зуламаш дар бахьана долуш зе хилла 3700 финансийн хьукматана а, дуккха а пачхьалкхашкарчу 500 компанина а, миллионаш кредитан картанех пайда оьцу бахархошна а.