Бусалбанийн акцехь дакъалаьцна 130 стаг лаьцна полицино Петарбухехь

Оьрсийчоь -- Петарбухан полици.

Петарбухехь 200 гергга стаг араваьллера Мьянмерчу бусулбнашна гIортор яран акце, хаам бо dp.ru сайто. Меттигерчу МВД-н урхаллан куьйгалло дIахьедар дина царах 130 стаг дIалаьцна шаьш аьлла.

Уьш дIакхачийна полице, бакъо йоцуш митинге арабевлла аьлла гIуда тоха.