Масех некъан бохам иккхина Нохчийчохь

Хьалха-Мартанахь Бадуевн цIарахчу урамех дехьаволучу 6 шо долчу кIантана тIе машен тоьхна «Тойота Камри» автомобилан долахочо.

ДегIа тIехь чевнаш йина дарбан хIусаме кхачийна бер. Некъан полицин хаамашца, яхначу буса кхаа машенашкахь болчу наха а йина авареш Устрада-ГIалахь.

Кхуьй а машенашлелорхо лазийна дарбан цIийне валийнера.