Путин, Шойгу цIераш техкина таджико шен берийн берашна

Александров гIалина гена воццуш вехачу Таджикистанера схьаваьллачу Джураев Рахмона дийцина, шен берийн берашна хIунда техкина ша Оьрсийчоьнан президентан а, тIеман министран а цIераш. Цо бахарехь, доллу дуьненна а пайда а бохьуш цушиммо дIахьочу политикех воккхаверца, баркалла олуш техкина.

Джураевс доггах лору оьрсийн политикаш, цуьнан хIусамехь пенах кхозуш Путин Владимиран а, Шойгу Сергейн а суьрташ доцурш, Москохан мэран Собянин Сергейн а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а сурташ ду.

Путин а, Шойгу а аьлла ша берашна техкинчу цIераша дахарехь царна новкъарло йийр яц, мелхо а ирс, аьтто бохьург хилар тешна ву таджико.

Хенан йохалла кхи а кIентан кIант шен хилахь Собянин цIе тилла, йоI хилахь Матвиенко Валентинин цIе лелаяйта Iалашо а ю Джураевн.