Иракъера цIа далийна бераш чевнашца ду

Еарийдийнахь Иракъера Нохчийчу далийначу шина берана, Мосулехь кеманаша ракеташ еттачу хенахь чевнаш йина, царна оьшу лоьрийн дарба а, реабилитаци а аьлла, дIахьедина Кадыров Рамзанан Гергарчу Малхбалерчу векало Сабсаби Зияда.

Шина а беран, Хадижатан а, Iадланан а цхьатерра бу кхоллам. Ши шо хьалха, ХусейновгIар а, ДакаевгIар а, церан гергарчара бахарехь, мича боьлху а ца дуьйцуш, махкара арабевлла хилла. КIентан Iадланан да заьIапхо хилла, Iасанашца бен лела а ца луш. ХIетте а дIакхетта хилла иза "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх.

Сабсабин информацица, Мосул мукъаяьккхинчул тIаьхьа, Iадланан да-нана а, ваша а, ши йиша а делла карийна херцаршлахь Мосулехь. Iадлан чевнашца ву.

Хажижатан когаш бу багийна, цуьнан да-нана а, вежарий а, йиша а дийна Иракъехь. Нохчийчохь лоьраша могушалла толлуш, дарбанаш дан долийна шина а берана.

ДаIишхойх мукъаяьккхинчу Мосулерчу берийн цIийнехь, Сабсабис бахарехь, кхи а 120 гергга буобер дуьсу хIинца а.