Полисхоша дIахецна пIераскан суьйранна дуьйна лаьцна латтийна ДудуркаевгIеран доьзал.
"Полисхойн белхахоша къамел дина Луизица. Хеттарш дина, хIунда лууш яра иза Норвеги дIаяха, шен лаамехь еаний иза деца юха а, бохуш", - дийцина «Кавказ.Реалии» портале регионерчу чоьхьарчу гIуллакхашкарчу хьасташа.
Дудркаева Луизас шен ненаца буьйса яьккхина Устрада-ГIалин полицин декъехь. Шеца йоIаца а, я цуьнан деца Дудуркаев Муслимца а зIе тасар ца нисло карарчу хенахь «Кавказ.Реалиин».
Шен цIера Москва дIаяханера Луиза, социалан машанашкахула «Карфаген» олучу паблико, суьрташ а даржош, шена кхерамаш тийсинчул тIаьхьа.
Карарчу беттан юьххьехь Минскерчу аэропортехь дозанал араяла гIерта Луиза юхаялийнера тIекхиинчу дас а, нанас а.