Нохчийчу йоьдуш ю омбудсмен Москалькова

Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула векал Москалькова Татьяна.

Нохчийчу йоьдуш ю Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула векал йолу Москалькова Татьяна. Цунах лаьцна хаам гучубаьлла омбудсменан официалан сайта тIехь, яздо Новая газето.

Болчу хаамца, Москалькова хIинцале а новкъаяьлла Соьлж-ГIала яха. Нохчийчохь омбудсмен цхьаьнакхета дагахь ю меттигерчу бахархошца а, полицин векалшца а, бакъонашларъярхошца а.